Оставьте свой комментарий
11 июня выпускники сдают ЕГЭ по истории и физике
Время чтения: 2 минуты
Данные цифрового портфолио ученика будут раскрываться лишь с его согласия
Время чтения: 1 минута
Просмотр телевизора ухудшает когнитивные функции
Время чтения: 3 минуты
Рособрнадзор: почти половина учителей не дотягивает до базового уровня подготовки
Время чтения: 2 минуты
Минобрнауки России выделит до 600 млн рублей для проведения научных проектов мирового уровня
Время чтения: 1 минута
Раннее начало пар негативно сказывается на успеваемости студентов
Время чтения: 2 минуты
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Предварительный просмотр:
МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ
«Наурская средняя общеобразовательная школа №3»
НАУРСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА
Язйинарг: Тунжаханова Сати
10 –чу классан дешархо
Нохчийн маттах, нохчийн маттахь…
«Мерзачу озаца сан амал lехош,
нанас со хьистийнарг нохчийн мотт бу. »
Хаьий теша вайна и Дала делла ни1мат 1алашдан а, лардан а?
Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.
Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.
Сан доьзалехь даима бара бекаш нохчийн мотт. Нанас башха ч1ог1а доцучу озаца буьйцура и мотт, делахь а цо меллаша аьлларг дагах а кхеташ дешнаш хуьлура.
Со школе яхча евзира суна меттан к1оргалла. Нохчийн маттахь дийцарш, туьйранаш, иллеш, х1етал-металш, чехкааларш. Хиира нохчийн мотт иза бух боцу х1орд буйла. Доггах безаш т1еийцира аса нохчийн мотт 1амор.
Нохчийн маттахь дуьххьара туьйра сайна хезча, со инзаръяьлла, буьйсанна наб ца кхеташ 1ийра. Наб кхетча, сан г1енаш чохь дара Алхаст а, Маьлха-Аьзни а. Х1етахь дуьйна сан шолг1а ц1а а хилла д1ах1оьттира библиотека. Цу хенахь со кхоалг1ачу классехь яра.
Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев С., цуьнан Бешто а, Бусана а. Цара шовданна йистехь балхийна безам. Ма хаза, аьхначу дешнашца дуьйцура Бештос Бусанига шен дагара. Муха хир бара сан эсала нохчийн мотт и дагардийцар доцуш.
Вевзира Абузар Айдамиров, шен «Ехачу буьйсашца», воккхачу стеган до1анашца, шайн Даймохках бевллачу мух1ажаршца. Муха хира бара сан нохчийн мотт Абузаран ира, буьрса, дог ойбуш долу дешнаш доцуш.
Сан даг чохь дуккха хан яьлча а декара Яшуркаев Султанан «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть т1ерачу турпалхочун Мадин аз: «Х1ан-х1а, тхо цкъа а лийр дац. » Массо баланех чекхдевлла, сеттина букъ нисбеш, майра, онда лаьттара ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда г1ортор, орам хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.
Ас х1ара мог1анаш яздочу хенахь дерриге дуьнен т1ера къаьмнаш баланехь долу хан ю, ун даьржина хан ю. Амма со теша вайн нохчийн халкъ цу баланех чекхдер ду, нохчийн маттахь иллеш декар ду, маьждигаш чохь бусулба нах гуллур бу (Дала мукъалахь!).
Юха а ас боху, ду-кх и нохчийн мотт дог1а, дуьненан моссо не1 йоьллу дог1а. И дог1а луш ду-кх х1ора стагана и дуьнен чу волучу дийнахь. Йоьллу-кх цу дог1ана массо не1, адамийн деган не1 а.
— Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш.
-Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга х1оранга а.
Слайд 16Мотт хаар, сан кхетамехь, урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца 1а. Мотт
xaap — халкъана хьалха д1ах1оьттина, сахьтехь, шина сахьтехь оцу меттан мукъамехь, оьшучохь дош далош, кица далош, дустар далош, нийса предложенеш х1иттош, аз айдеш, аз лахдеш, нохчийн меттан мукъамехь къамел дан хаар ду. Xlopa меттан а ма бу шен мукъам. Оцу тайпанчу къамеле, хазачу мукъамехь долчу иллига санна, ладуг1у наха. Иштта диначу къамело шайн стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а дерзадо. Бакъболу халкъан мотт — нохчийн мотт бу аша бийца а, 1амо а безарг школашкахь. Вайн меттан х1ора дош – х1орда бухахь хьалакхиъна жовх1ар ду. Х1ара дерриге а дуьне кхобучу, ловзочу, нана – х1ордан ницкъ а,саде1ар а шена чуозийна долу, башха жовх1ар. (Стихотворени д1айоьшу урок д1ахьочо).
План по чеченскому языку СОЧИНЕИ ГУЬЙРЕ
1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.
-Бераш вай тахана язйийр ю суьртех лаьцна сочинении «Гуьйре»
3. Сурт довзийтар (аг1о 24)
-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш? (Гуьйре)
-Стенгахь гойтуш ю гуьйре? (Гуьйре лаьмнашкахь ю)
-Муьлхачу басаршца гайтина суртдиллархочо гуьйре? (Кхоьлинчу суьрташца)
-Муха хетало дагна и сурт гича? (Синаттаме хетта)
-Муха де ду гайтинарг? (Шийла )
-Х1ун ю хьоькхуш? (Шийла мох бу хьоькхуш)
-Стенах хаьа иза? (Диттийн гаьннаш ду метах хьуьйш сана)
-Х1унда? (Малх хьожучу аг1ор баьццара ю, 1индаг1 долчу аг1ор мокха ю )
-Муха ду лаьмнийн баххьаш? (Лаьмнийн баххьаш к1айделла ду)
-Х1унда? (Лаьмнашка ло тесна)
-Стенга оьху г1арг1улеш? (Г1арг1улеш бовхачу махкашка д1аоьху)
-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)
-Х1ун ю 1аламехь курра лаьтташ? (1аламехь лаьтташ ю кагъелла б1оов)
-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)
-Х1ун хилла хир ю кху меттехьшира заманчохь? (Шира заманчохь нохчийн юрт хилла хир ю цигах.?)
-Стенах хиир шуна? (1аламехь лаьтташ ю б1ов)
-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)
-Муха ойла кхоллало суьрте хьаьжча? (Г1айг1ане )
4.Сочинени язъян кечам бар.
-Муха йолор ю сочинении? (Т1екхаьчна дашо гуьйре)
-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)
-Х1ун эр яздийр ду 1аламах лаьцна? (1аламех бу хийцамаш. Дитташ т1ера г1аш мажделла. Басешкахь йолу бецаш макхъелла. )
-Х1ун ю д1о т1ехьа гуш? (Д1о т1ехьа гуш лаьмнаш ду. Церан баххьаш к1айдина тесначу лайно)
-Х1ун эр ду г1арг1улех лаьцна? (Г1арг1улеш д1аоьху бовхачу махкашка)
— Х1ун эр дара аша гуш йолчу б1авнах лаьцна? (Цу г1айгачу суьтехь гуш ю шира б1ов. Иза йоьхна ю)
-Муха дог ойла кхоллало шун суьрте хаьвсича? (Сурте хьаьжча г1айгане хуьлу.
а) Сочиненин х1оттам таллар.
-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ)
-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? (Гуьйренан 1аламах лаьцна)
-Х1ун яздийр ду кхоалг1ачу декъе? (Ширачу б1овх лаьцна)
-Йоьалг1ачу? (Шена хетарг суьртах лаьцна)
-Муха доло деза х1ора дакъа? (Доккхачу элпаца)
5. Сада1аран миноташ.
(Бераша шаьш язйо сочинении)
-Х1ун керланиг хии шуна?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Выберите книгу со скидкой:
ОГЭ. География. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ
Математика. Новый полный справочник школьника для подготовки к ЕГЭ
Дошкольная педагогика с основами методик воспитания и обучения. Учебник для вузов. Стандарт третьего поколения. 2-е изд.
Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.
Начинаю считать: для детей 4-5 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.
Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 2, 2-е изд., испр. и перераб.
Пишу буквы: для детей 5-6 лет. Ч. 2. 2-е изд, испр. и перераб.
Русско-английский словарик в картинках для начальной школы
ОГЭ. Литература. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ
ЕГЭ. Английский язык. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ
Рисуем по клеточкам и точкам
ЕГЭ. Информатика. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ
БОЛЕЕ 58 000 КНИГ И ШИРОКИЙ ВЫБОР КАНЦТОВАРОВ! ИНФОЛАВКА
Номер материала: ДБ-1622859
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Слайд 18 Ткъа нохчалла кхио х1ун оьшу вайн къомана?
(Дешархойн жоьпаш).Муьлххачу а къомана уггар ч1ог1а оьшуш дерг – дешар, могашалла,культура,экономика ю.Царех коьртаниг дешар ду.Дешар — къоман хьекъалан, кхетаман, культурин, хьолан а хьоста ду.Т1екхуьучу х1ора т1аьхьено 1илма ца 1амийча, цунна ца хаьа шен къоман д1адахнарг, дуьненах хилларг, долуш дерг, шен къоман т1ехиндерг муха кхолла деза а. Дешар ца дешча къоман 1илманчаш, белхан говзанчаш, лоьраш, хьехархой, экономисташ ца кхуьу. Лоьраш ца хилча, къоман могашалла ца ларло. 1илманчаш ца хилча къоман мотт, истори, культура ларлур а яц, культура а, экономика а кхиалур а яц. Дешар ца 1амийча, къам кхетамна б1аьрзе дуьсу.Кхетамна т1аьхьадисинчу, дег1 могаш доцчу къоме шен Даймохк, халкъан ламасташ, мотт, оьздангалла, къоман сий ца ларло.
Слайд 10 Суна хетарехь, и г1уллакх уггаре а хьалха д1адоло
деза доьзалехь дас-нанас аганан иллица, ненан маттаца. Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ. Ага нохчийн цхьайолчу х1усамашкара д1адаккхарца, д1адаларца д1адевлла дуккха а хаза г1иллакхаш, б1еннаш, эзарнаш иллеш, эшарш, мукъамаш. Xlopa ненан а шен илли, эшар, мукъам ма бу цо бен ца локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац и мукъам, аганан, гаьнгалин а техкарца хезаш хилла болу. Кхечарех тардала г1ертачу я цхьаннех а тера ца хила г1ертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Массо а х1ума цхьана барамехь, низамехь хилча ларло къам, цуьнан мотт, г1иллакхаш, ламасташ. Халахеташ делахь а, долуш долу хьал дог хьостуш дац, б1аьрг белош а дац.
Варианты сочинений ОГЭ чеченский язык
Абдурзаков Ш. шен дешнашкахь гойту нохчийн мотт хьалдолуш хилар.Иза иштта хилар шеко йоцуш ду,х1унда аьлча нохчийн маттахь дуккха а бу пайдаэца йиш йолуш суртх1отторан г1ирсаш.Оцу г1ирсашца муьлхха а ойла йийца йиш йолуш, хазна ю вайн мотт.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай Гайсултанов 1.тексте.
Суртх1отторан г1ирсех шуьйра пайдаэцна яздархочо. Масала 15 предложенехь «йиш йоьхна» боху фразеологизм ялайо автора. Оцу меттан г1ирсо вайна хоуьйту, Вадуд цхьана х1уманна сагатдеш хилар.
36 предложенехь ялийначу «дог-ойла юьйхира» фразеологизмаца говза гойту Гайсултановс мел халонга даьлла к1антана ша кехат аннаш юккъехула чудожадар.
Цу тайпа текстера масалшка хьаьжча, вайн т1еч1аг1дан йиш ю нохчийн мотт «башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна» хилар.
П.К. Услара шен дешнашкахь боху: «Нохчийн мотт къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1орггера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу». Цуьнан дешнашца реза ца хила хала ду. Муьлхха ойла, синхаам, хьайна хетарг нийса а,говза а гайта йиш ю вайн маттахь тайп-тайпанчу г1ирсех пайда а оьцуш: метафорех, эпитетех, дустарех и д1.кх. а.
Оцу г1ирсех шуьйра пайдаэцна Ахмадов Мусас шен текстехь.Масала 26 предложенехь ялийна «т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш» фразеологизм. Цуьнца автаро исбаьхьчу кепехь гойту вайна текстан турпалхо леррина шена гучу суьрте хьоьжуш хилар.
Текстан 27 предложени ешча кхин цхьа суртх1отторан г1ирс карабо вайна « кхохкийна юьхь» боху эпитет. Оцу эпитетах пайдаэцарца гойту вайна яздархочо Леча шена гучух ч1ог1а цатам хилла, реза воцуш хилар.Цул совнаха кхузахь хаало вайна иза нахах дог лозуш, къинхетаме стаг хилар.
Вайна ма-гарра Ахмадов Мусас шен текстаца тоьшалла до нохчийн мотт хаьлдолуш а, хаза а хиларан.
Къинхетам – иза адаман синхаамех коьртачарехь цхьаъ бу.Кхечу адамна, гонахарчу 1аламна хуьлуш йолу г1ело бен ца хеташ, дог лазар ду аьлла, хета суна иза.
Масала Абубакарова П. текстехь го вайна лазийначу кхокханна орцахъялла жима йо1. Хеда къинхетаме хилар ду иза. Яздархочо вайна иза гойту 9 предложенехь.
Дахарера масал далош, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа вайн паччахьах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, царна г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву Рамзан Ахматович.
Цу т1ера схьа жам1 дан йиш ю вайн къинхетам адаман амалехь сийлахьчарехь цхьаъ хилар.
Источник
Беседа с детьми «Нохчийн г!иллакх»
Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.
Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.
Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.
Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.
Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.
«Духаре хьожжий т1елоцу хьаша, хьекъале хьожжий новкъа воккху», – и кица хьалкъо лаа ца кхоьллина.
Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев Сайд-Мохьмад.
Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,
Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.
Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,
Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.
Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.
Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.
Лайн амал сих йоьлларш безна бац Далла.
Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.
Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,
Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.
Ворх1 вашас йишин дог цхьатерра хьоьсту:
Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.
Ду нохчийн ворх1 г1иллакх
ворх1 ломал сийлахь:
Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,
Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,
Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.
«ТIекхечи дашо гуьйре…»
Нохчийн меттан хьехархочо цIахь бан белла болх
«ТIекхечи дашо гуьйре…»
No media source currently available
ПхьегIаш меттах хьееш йоллу тхайн нана а хезна самаваьлла, корех арахьаьжира со, хенахIотам муха бу-те аьлла. Нохчийн меттан хьехархочо цIахь бан болх беллера тхуна, гуьйренах лаьцна дийцар яздар.
ХIун яздийр ду ца хууш маситта дийнахь даьссачу кехата хьалха хиина Iийначу ас сацам бира, дог ирахӀотто эвлан йистерчу хьуьнха вахана волавала.
Нанас эцна Iаьржачу бесан керла тужурка а йоьхна, цо сатасале бинчу бовхачу хьокхаман ах чета а таIийна, новкъа велира со.
Гуьйренан Iуьйре шийла а, кхоьлина яра. Ша шех хьерчаш ловзу юькъа дохк гича мотталора догIург дерз ду.
УьйтIарчу баIаран диттан кIеллара цхьа ши буй баIарш а гулдина, со кевне волавелча, буька яйн чуьра шен худар дууш доллучу тхан жIало Гудрис, юкъах цадолош бIаьрг туьйхира, со волчу агIор. Цуьнан хьажар шеконан хийтира суна, хIокхо хIун леладо-те сатасале кевне гIерташ, худар даа са ца дуьтуш аьлла.
Урам баьсса бара. Сатасале шен говрана хи мало араволу тхан лулахо СаьIидбек а гIаттаза хан яра иза. Эвлан йистера аре а хадийна, хьалаволавелира со оха «шолагIа» олучу хьуьнан дукъе. Iуьйре мел кхоьлина еанехь а, гуьйренан басарш хаза дара.
Хьуьнаха вулуш, хIора гIулчаца лахлуш, эххаре а дIатийра самаяьллачу тхан эвлан дахаран гIовгIа – наьной кхийкхар, котамаш екар, жIаьлеш летар, бежанаш Iехар, говраш терсар. ТIаьххьара, ас тидам а беш, суна хезнарг дара тхан эвларчу аьчкан пхьеро Эмис жIов еттар.
ЦIен, доIан басахь, можа, цIехо-можа гIаш долчу хутал-бецо марахьерчийна лаьттара, со вогIучу тачане дашо гIашца куьйгаш кхийдо коьллаш.
ШолагIа дукъ а дара гуьйрено йийсаре лаьцна. ЦIе бос богучу гIашна юкъара схьакъийдара цкъачунна мад даланца аьрга хьаьмцаш. Элхьамцаш, хьуьнан кемаш, мадделла а, маддаланза а акха кхораш…
Ма чомехь хир бара цIарца богу дIо-о кхоза акха Iаж, аьлла ойла кхоллаелча, дагабеара суна сайн четахь болу хьокхум.
Айса кисина тесна деана баIарш дохийна, тIамарш а яьхна, четара схьабаьккхина, дегIан йовхоно мела латтийна, хьокхум а кхоллуш охьахиира со.
Iалам хаза дара. Нарт-эрстхойн догIмаш долу гIаролхой санна гобаьккхина лаьттара стигал кхийда пепан дитташ. Царна кIеллара гIа-бамба гулбелла хир бу-кх бIеннаш шерашкахь, бохуш ойла йора ас.
Со хиина Iара хьуьнан юккъехь иттех метар шуьйра хир долчу хин хорша йистехь. Иза даьсса дара. Амма гуш дара мел-лаххара а ши-кхо де хьалха, ломахь догIа а дилхина, цу чохь карзахдуьйлуш ловзуш хи хилла хилар.
Кху хьуьнхахула бIеннаш шераш хьалха а со санна лелла хир ву-кх цхьаъ, мила хилла-те иза, муха нисбелла-те цуьнан кхоллам, бохучу ойланашца хьуьнан кIорге вуьйлира со.
ЦIеххьана хетаделира цхьаъ хийцаделча санна. Эвла йолу агIо гойтуш цхьа билгало ца хаалора. Со тила веллера.
Дукха тIех ойланаш еш а ца Iаш, сайна нийса хетачу агIор дIаволавелира со. Амма иза эрна хиллера. Жимма Iалашо хийцина дукъ хадийра ас. Амма гонах яра цхьана суьртехь лаьтта Iаьржа хьун.
Муствелла, со чуваьлча, суьйренна юург кечйеш йоллучу тхан нанас, юкъах а ца йолуш, элира, ванах кIант, хьо мичахь вара, Iуьйранна дуьйна хIума а кхаллаза лелаш ву-кх хьо, аьлла.
Меца вац цо, нана, аьлла, тужурка неIаре дIа а оьллина, коре охьахиира со къолам а, кехат а эцна: «ТIекхечи дашо гуьйре…»
Источник
Г1иллакхийн хазна
Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.
Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.
Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.
Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.
Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.
«Духаре хьожжий т1елоцу хьаша, хьекъале хьожжий новкъа воккху», – и кица хьалкъо лаа ца кхоьллина.
Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев Сайд-Мохьмад.
Ворх1 г1иллакх
Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,
Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.
Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,
Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.
Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.
Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.
Лайн амал сих йоьлларш безна бац Далла.
Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.
Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,
Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.
Ворх1 вашас йишин дог цхьатерра хьоьсту:
6 стр., 2555 слов
Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг
… повесть. Нохчийн истори евзачарна бевзашболу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош … повесть йоьшуш Тимаран къамелашкахь дешархочунна го цуьнан къизалла, ямартло, хIилла. Ша-шех тоам бина, … кхайкхайо адамашна кхиэл: ТаIзар сан Ду царна нийса: Уггар а лекха берд, КIорга … заманахь муьлххачу а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча. Иштта …
Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.
Ду нохчийн ворх1 г1иллакх
ворх1 ломал сийлахь:
Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,
Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,
Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.
Сочинение на тему б1асте на чеч яз?
Сочинение на тему б1асте на чеч яз.
Светимость при неизменном радиусе пропорциональна четвёртой степени температуры. В звёздных величинах это 2. 5 lg ((7200 / 6000) ^ 4) = ~0. 8 звездной величины.
Потому что, если не чтить законы то весь мир может погрузиться в хаос.
Он шел в поход с благими намерениями — защитить свою Родину.
Карл Бернцв 1885 году изобрёл первый автомобиль с двигателем внутреннего сгорания. Через год он заполучил патент на инновационное изобретение и разрешение создаватьмашиныс бензиновым двигателем.
Мұндай нәрселерді білмеу үшін ұят.
Завтрак– овсяная каша на молоке с сухофруктами, орехами, 2 варёныхяйца, стакан молока или кефира ; второй завтрак– нежирный кефир, несколько бананов, апельсин ; обед– куриная грудка отварная, гречневая каша, овощной салат, сок ; полдник– бутерброд с ..
Коммерческая деятельность рентабельна при правильном планировании затрат, потерь, расходов. Изучение коньюктуры рынка задача каждого коммерса. Реальное ценообразования способствует быстрому обороту вложеных средств.
Листья, имеющие одну листовую пластинку, опадающую осенью целиком, называют простыми (картофель, дуб, морковь). Листья, у которых листовая пластина состоит из нескольких листочков, прикрепленных к основному черешку при помощи своих черешков и опадаю..
Поваренная соль и сахар Сходства : белый кристаллический порошок, без запаха, хорошо растворим в воде. Различия : сахар имеет сладкий вкус, соль — соленый. Соль — естественный минерал не органичный продукт. Сахар — продукт полученный из растений -..
2000-2022. При полном или частичном использовании материалов ссылка обязательна. 16+ Сайт защищён технологией reCAPTCHA, к которой применяются Политика конфиденциальности и Условия использования от Google.
“Доьзал” дешан маь1 на дан г1 оьртича, гучудолу иза “доь” бохучу орамах хилар. “Доь шен маь1 ница “х1 у” дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна х1 окху тайпанчу аларшкахь: “доь доцуш вайна”, “доьза вайна”. И бохург цхьа а лар а йоцуш, т1 аьхьадисина цхьа цуьрриг х1 ума а доцуш стаг вар ду. Доьзал – и доь (х1 у) хилар, доь долор ду. Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1 адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1 аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн 1 адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1 а. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1 елахь, я кертахь 1 аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу “цхьана ц1 ийнан нах бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах. Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1 ера да, я нана д1 аяьлла; я ший а д1 адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1 ийца гергарло хилла ца 1 аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь. Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1 ех1 уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1 унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1 ума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийдинчух …) , цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1 езиг х1 ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду. Доьзал – иза шина аг1 ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1 адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1 адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а х1 ума а дац к1 езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1 уллакхе. Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1 е тиллар т1 едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1 е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу т1 ехь винчу к1 антана ц1 ераш къестош ден доттаг1 ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:
Слайд 24 Урок д1ахьошволчун жам1:«Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду
вай а. Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерачу дийне кхаччалц кхиош хилла къонахий кхиоран рагI вайна тIекхаьчна. И къонахий кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш, дуьххьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш. Аганара гIаьттича цу кIантана бакъболчу къонахийн собар, доьналла, хьуьнарш довзуьйтуш, царах дозалладан, масал эца, цаьрга нисвалар Iамош. Дас халонаш лан, осалниг емалдан, гIийлачун гIо лаца кечван веза шен воI. Иштта вайн нанойн масалш тIехь кхио беза мехкарий. Ненан ховхачу маттаца и дан таро а ю». (Кадыров Рамзан Ахматович, Нохчийн Республикин Президент)
Слайд 11Ага — къоман кхиаран, г1иллакхан бух, кхерчан ладаме цхьа дакъа ду.
Кхетош-кхиорехь хьалхара терхи я къоман школа аьлча, нийса хир ду цунах. Оцу аганахь д1аболало беран ненан матте, цул т1аьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш буьйцу мотт а. Дуьххьарлерниг, хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта цунна, иэсехь, кхетамехь д1аязло гуттаренна а. Дег1ан муьлхха а цхьа меже ца хилча, сакхте лору вай и дег1. Халкъо иттаннаш шерашкахь шен дахарх чекхдаьккхина муьлхха а х1ума вай д1атасахь, халкъ а хуьлу шен цхьана декъехь, шен сица сакхте. Делахь-х1ета, шен олуш аганан илли доцу халкъ сакхте лерина а ца 1аш, заь1ап лара мегар ду. Бух ца хилча, бохь хила йиш яц.
Предварительный просмотр:
Видео:гуьйре.Скачать