Сан хьоме юрт сочинение на чеченском языке

Сочинение на чеченском языке гуьйре - технологии | altarena.ru

Сочинение на тему сан даймохк на чеченском языке

Бергоева Айзан Абдилвахитовна

Сан Даймохк! Сан ирс а, халда хьуна,

Сайн дог хьох д1аэрца карийра суна!

Даймохк – ма хаза дош ду хьо лерсина хаза! Х1ун хир ду хьол хьоме, деза!? Вайн нохчийн г1арабевллачу яздархоша, поэташа говзчу маттаца дукха яздина Даймахках лаьцна. Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаш ца дицдо» роман т1ехь коьртачу турпалхочо олу т1аме воьдучу шен к1анте: «К1ант! –элира Товсолтас, – вай юха гой а ца хаьа Дела воцчунна! Аса сайн весет цундела хьалххехь д1ахоуьйту хьоьга. Адамана дуненчохь массо х1уманал дукхадезарг шен са ду, шен сил а дезарг – бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а Даймахкана хьанал чекхвалар – сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга!» » «

И тайпа къамелаш гуттар а хуьлура тхан доьзалехь. Тхан нанас нохчийн къоман туьйранаш дуьйцура тхуна буьйсанна д1адийшош. Хийла г1енах гора хазачу дойшкахь шовдан коьртехь лаьтташ майра, каде к1ентий, хаза, оьзда мехкарий, лекха лаьмнаш, шайна чохь олхазарийн исбаьхьа эшарш йолу луьста хьаннаш. Даймехкан и исбаьхьа сурт тхайна гаре ч1ог1а сатесна хуьлура тхо.

Делан лаамца тхан дай, наний шайн кхаа бераца, 2000-чу шеран январь баттахь, вайн махкахь т1ом болчу хенахь, кхелхина дахна Истамбуле. Цигахь, 2000-чу шеран 6-чу августехь, дуьненчу яьлла со а, 2003-чу шарахь, сан жимах волу ваша Муслим а. Сан ши йиша а, ши ваша а ву. Дас а, нанас а дуьйцура тхуна нохчийн къоман 1ер-дахаран башхаллех, ламастех лаьцна. Воккханиг муха лара веза, жимачуьнца муха хила веза. Сол итт-цхьайтта шо баккхийрачу вашас, йишас дуьйцура марха достучу дийнахь шаьш х1ун леладора: хьала маца г1овттура, дехой болчу Тевзана, ненахой болчу Итум-Кхалле эхарх лаьцна. Ц1а ян сатосий хуьлура со.

Тхан чохь гуттар а буьйцура нохчийн мотт, хезара нохчийн мукъамаш. Сан да а, нана а «Орга»-хелхаран ансамблехь болх бина ду, ший а солисташ долуш. Университетехь цхьаьна дешна цара. Да филолог ву, нана-биолог. Оьрсийн мотт а 1амабора цара тхуна, ц1а даг1ча деша атта хилийта.

Апрель беттан 23-г1а де берийн де ду Истамбулехь. Сайн кхо шо долуш берийн бешахь дуьххьара дакъалецира ас оцу фестивалехь. Суна т1ехь яра нохчийн г1абали, ас динарг нохчийн хелхар дара. Дуккха а нах баьхкира соьга хьовса: цигара нохчий а, туркой а.

Тхан воккхах волчу вешин хьехархочо дийхира тхан нене шен дешархошна кавказера хелхарш 1амор. Тхан нанас 1амийначу тобано шозза а дакъалецира г1алахь хуьлчу берийн хелхаран къовсадаларшкахь. Жюрихь 1ачу цхьаммо хьала а г1аьттина, элира: «Кавказера хелхар деш йолчу тобан куьйгалхо мила ву? Х1инца шолг1а го суна уьш. Уьш гаре сатуьйсуш веара со кхуза. Ламанан аьрзунийн, суй богуш, ира хьажар долуш, кура кортош айъина к1ентий, хи т1ехула йог1учу г1ург1езан боларх, ах б1аьрнег1арш охьадахийтина зудабераш! Шу массо а сайца реза хир ву аьлла хета суна цу тобано хьалхара меттиг яьккхина аьлча! Церан хелхар хаза хилла ца 1а, церан милла а хьогур волуш, низам ду! Церан куьйгалхо ган лаьара суна!»

1 стр., 478 слов

Сочинение ешначех суна угар дукха еза книга

… б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай. Сочинени «Сан хьоме Даймохк» Язйина Грозни-г1аларчу МБОУ «СОШ № 47» 9 «В» классан … басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс … хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир …

Ша бахьана долуш школан дирекорна цхьа хьовзам хиларна кхоьруш нанас элира тхан вешин хьехархочуьнга: куьйгалхо хьо ю ала, ас г1о дина эр ду ахь аьлла. Даррехь болх бан бакъо яцара тхан ненан, мух1ажар яра иза. Хонкара пачхьалкхан культурин министран хьалхара г1оьнча хиллера и хаттар делларг.

Цо дикачу метте балха х1оттийра тхан нана. Т1аьхьий-хьалхий тоьлла меттигаш яха йолийра нанас 1амочу тобано. Тайп-тайпанчу г1аланашка гастролашка эха дуьйладелира. Тхо дехачу г1алин Мэро шен куьйга грамоташ а елира, совг1аташ а дира тхуна, цхьаьний д1ах1иттина сарташ а дехира.

2014-чу шарахь ц1а дирзира тхо. Цигарчу культуран министро элира тхан дегий, неней д1а ма г1о, ша шу реза долуш болх нисбийр бу шуна аьлла. Эххар а, 1ийр доций хиъча, элира министро: «Тхоьгара х1ума т1е ца лоцуш, мелхо а шайн нохчийн кура амал, хаза г1иллакх тхуна а делла доьлху шу! Шайн даго ма-бохху аьтто хуьлда шун!»

Бегаш беш, тхан нендас олура тхоьга, шаьш санна, кхойтта шо даьккхи аш а Даймахках къаьстина, олий.

Сан Даймохк! Сан дай баьхна латта! Ма хазаду-кха ц1ахь! Суна хаьара туркойн мотт а, цигахь бара сан нийсархой а, сан да-нана, йиш-ваша а, делахь а, кху ц1ахь санна ирсе яцара со цигахь. Де-дийне мел долу талуш ду дахар, хазлуш ю г1аланаш, ярташ. Юха а доггаха ала лаьа суна:

Ответы на вопрос

Отвечает Грицан Дарина.

Ответ:

Река начинается с родника. Маленькие ручейки сливаются в реку. Начало реки называется истоком. То место, где реки в море, озеро или другая река называется устьем. рада была природа

если это не подойдет вот я еще знаю мы в классе сегодня делали

Сан Даймохк.

Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.

Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.

Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1аьрг тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е хьалавелира со.

-Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.

«Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1ехь цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я мохе, я т1еман ирчалле гор ца х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а, б1арзделла деса кораш а.

Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:

— Адам! Ларлуш охьавосса, — аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.

Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду — зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду — вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.

1

Поздравление с днем рождения женщине на чеченском языке

​ДАИМА А АЬТТО ​любовью!- ДА-НАНА МОГУШ ЛАЬТТИЙЛА ​

​наступающем году!- ТIЕДОГIУЧУ ШАРАХЬ ИРС ​

​За Ваше здоровье!- ШУН МОГУШАЛЛИНА ТIЕРА!​ШУН, ХЬЕГНА КЪА МЕЛЕХЬ ​

​сбывались!- ЛАЬА ХЬАН ДАХАРЕХЬ ​окружена заботой и ​

​вашей семье в ​любовь! — ДОТТАГIАЛЛИНА А, БЕЗМАНА А ТIЕРА!​

​труд!- МАРХАНАШ КЪОБАЛ ДОЙЛА ​и все мечты ​твои родители, счастливы дети, а ты сама ​ШАРАХЬ КХОЧУШ ХУЬЛИЙЛА!​

​За дружбу и ​Желаю тебе (вам) всего хорошего! — ДИКА МЕЛ ДЕРШ ​ ​лет жизни! : Ирс а, могушалла а, дахарехь дуккха а ​кхочуш хуьлийла а!​

​тебе сопутствовала удача ​

​: Могушалла хуьлда хьуна​в свой праздник.​нужд или собственного ​

​является слишком распространенным, но все же ​тебе сопутствовала удача ​

​живи долго!​родине и людям! Пусть Бог сделает ​будет счастливой! Пусть ты не ​

​волу баккъал бусалба ​Ваши мечты!- ХЬУНА (ШУНА) МЕЛ ЛИЪНАРГ КЕРЛАЧУ ​( ШУН )!​( ШУН ) !​Желаем Вам счастья, здоровья и долгих ​хуьлийла, хьуна мел лиънарг ​Желаем, чтобы в жизни ​

​Здоровья желаю тебе ​на чеченском языке ​его для собственных ​сегодняшний день, хоть и не ​

​Желаем, чтобы в жизни ​

​будет счастливой! Здоровым и свободным ​сделает тебя полезным ​

​твоего рождения! Пусть твоя жизнь ​кхоьллинчу Дала! Дала Шех кхоьруш ​году сбылись все ​Желаю тебе (вам) успеха!- АЬТТО ХУЬЛДА ХЬАН ​С Новым годом! Желаю тебе (вам) счастья!- КЕРЛАЧУ ШАРЦА ! ИРС ХУЬЛДА ХЬАН ​ларвойла (ларйойла) хьо!​даима а аьтто ​

​вахар(яхар) а хуьлийла хьан​шуна​с днем рождения ​

​мало. Немало и людей, которые решают выучить ​Чеченский язык на ​ ​

​тебя! Пусть твоя жизнь ​

​тебе здоровье! Пусть наш Создатель ​тебя в день ​войла хьо вай ​Желаем тебе (вам), чтобы в новом ​(ШУН)!​НОВЫЙ ГОД- КЕРЛА ШО ​

​Аллах! : Дала вочу хiумнах ​сбывались! : Лаьа хьан дахарехь ​лет жизни : Ирс а, могушаллах а, дахарех дуккха а ​и вам : Дела реза хуьлда ​приятно получить поздравления ​

​С днем рождения ​близких,любимых! Пусть Бог подарит ​

​Пусть Бог благословит ​

​ Махкана а, халкъана а пайдехь ​

​Счастья и радости ​ХУЬЛДА ХЬУНА ( ШУН )!​

​Желаю тебе (вам) крепкого здоровья!- МОГУШАЛЛА ХУЬЛДА ХЬУНА ​

​вахар ( яхар) а хуьлийла хьан!​Да хранит тебя ​

​Желаем Вам счастья, здоровья и долгих ​Пусть Аллах воздаст ​удовольствия. Так или иначе, таким людям, как носителям языка, так и нет, было бы очень ​

НА ЧЕЧЕНСКОМ ПОЗДРАВЛЕНИЕ С ДНЕМ РОЖДЕНИЯ СЕСТРЕ

Дала декъала йойла хьо йинчу денца ! Дала ирсе дойла хьан дахар, хьан массо а лаам кхочуш хуьлуш! Дала дукха яха йойл хьо!

Желаю тебе (вам) крепкого здоровья!- МОГУШАЛЛА ХУЬЛДА ХЬУНА (ШУН)!

Желаю тебе (вам) успеха!- АЬТТО ХУЬЛДА ХЬАН ( ШУН )!

Желаю тебе (вам) всего хорошего! — ДИКА МЕЛ ДЕРШ ХУЬЛДА ХЬУНА ( ШУН )!

Желаем тебе (вам), чтобы в новом году сбылись все Ваши мечты!- ХЬУНА (ШУНА) МЕЛ ЛИЪНАРГ КЕРЛАЧУ ШАРАХЬ КХОЧУШ ХУЬЛИЙЛА!

Счастья и радости вашей семье в наступающем году!- ТIЕДОГIУЧУ ШАРАХЬ ИРС А, ХАЗАХЕТАР А ХУЬЛДА (ШУН) ДОЬЗАЛЕХЬ!

8 МАРТА- 8-гIа МАРТ

Поздравляю тебя с Днем 8 Марта! — АСА (ОХА) 8-ЧУ МАРТАЦА ДЕКЪАЛА ЙО ХЬО!

Желаем здоровья, любви и тепла! —МОГУШАЛЛА А, БЕЗАМ А ХУЬЛДА ХЬУНА!

Мира и покоя твоему дому, удачи и счастья!- МАШАР А, БАРТ А ,АЬТТО А, ИРС А ХУЬЛДА ХЬАН ХIУСАМЕХЬ !

Пусть будут здоровы твои родители, счастливы дети, а ты сама окружена заботой и любовью!- ДА-НАНА МОГУШ ЛАЬТТИЙЛА ХЬАН, БЕРАШ ИРС ДОЛУШ ХУЬЛДА, ТКЪА ХЬУНА ХЬАЙНА ГОНАХ БЕЗАМ ХЬИЗИЙЛА!

Желаем, чтобы жизнь твоя была согрета любовью, дружбой, добротой! — ЛАЬА ХЬАН ДАХАР БЕЗАМО А, ДОТТАГIАЛЛО А, ДИКАЛЛО А ДОХДИНА ХУЬЛИЙЛА!

ДЕНЬ РОЖДЕНИЯ — ВИНА ( ЙИНА) ДЕ

С днем рождения! — ВИНЧУ (ЙИНЧУ) ДЕНЦА АС ДЕКЪАЛА ВО( ЙО) ХЬО!

Желаем, чтобы в жизни тебе сопутствовала удача и все мечты сбывались!- ЛАЬА ХЬАН ДАХАРЕХЬ ДАИМА А АЬТТО ХУЬЛИЙЛА, ХЬУНА МЕЛ ЛИЪНАРГ КХОЧУШ ХУЬЛИЙЛА А!

Да хранит тебя Аллах!- ДАЛА ВОЧУ ХIУМНАХ ЛАРВОЙЛА (ЛАРЙОЙЛА) ХЬО!

Желаем Вам счастья, здоровья и долгих лет жизни!- ИРС А, МОГУШАЛЛА А, ДАХАРЕХЬ ДУККХА А ВАХАР ( ЯХАР) А ХУЬЛИЙЛА ХЬАН!

РАМАДАН- МАРХ КЪОБАЛ ДАР

Поздравляем с окончанием священного месяца Рамадан. Пусть Аллах наградит Вас за Ваш труд!- МАРХАНАШ КЪОБАЛ ДОЙЛА ШУН, ХЬЕГНА КЪА МЕЛЕХЬ ЯЗДОЙЛА!

Пусть Аллах воздаст и Вам! И наградит Вас тоже за Ваше усердие!- ДЕЛА РЕЗА ХУЬЛДА! ШУН А ДОЙЛА МАРХАНАШ КЪОБАЛ!

Спасибо за поздравление!- БАРКАЛЛА ХЬУНА, СО ДЕКЪАЛА ВАРНА (ЯРНА)!

Больше спасибо за внимание- ДОККХА БАРКАЛЛА ХЬУНА, СУНА ТЕРГО ЯРНА!

Спасибо за подарок! — БАРКАЛЛА ХЬУНА, СУНА СОВГIАТ ДАРНА!

За праздник! — ДЕЗЧУ ДЕННА ТIЕРА!

За дружбу и любовь! — ДОТТАГIАЛЛИНА А, БЕЗМАНА А ТIЕРА!

За Ваше здоровье!- ШУН МОГУШАЛЛИНА ТIЕРА!

За всех собравшихся! — МАССО А ГУЛБЕЛЛАЧАРНА ТIЕРА!

За Вас! — ШУНА ТIЕРА!

С НОВЫМ ГОДОМ! ЗДОРОВЬЯ, СЧАСТЬЯ И УДАЧИ ВАМ! — КЕРЛАЧУ ШАРЦА! МОГУШАЛЛА А, ИРС А, АЬТТО А ХУЬЛДА ШУН!

Похожие вопросы

Другие предметы 10.04.2019 12:38 11 Яковук Мария

Что такое 1алам? Для чего он нужен? Опишите 1алам?

Ответов: 1

Другие предметы 02.06.2023 21:49 2 Малиновский Максим

Сочинение „1алам» на чеченском языке

Ответов: 1

Другие предметы 10.04.2020 13:26 19 Клименко Лёша

Как пишется вайн 1алам хаза бу или ду

Ответов: 2

Другие предметы 14.06.2023 13:40 9 Соснина Виктория

Срочно соченение Б1аьстенан 1Алам!!! чеченский язык

Ответов: 2

Другие предметы 19.07.2020 07:11 9 Даниелян Тимофей

П̷̲͞о̷̲͞ж̷̲͞а̷̲͞л̷̲͞у̷̲͞й̷̲͞с̷̲͞т̷̲͞а̷̲͞ ̷̲͞п̷̲͞о̷̲͞м̷̲͞о̷̲͞г̷̲͞и̷̲͞т̷̲͞е̷̲͞ ̷̲͞к̷̲͞т̷̲͞о̷̲͞ ̷̲͞п̷̲͞

Ответов: 2

Другие предметы 05.08.2018 18:29 40 Калабина Света

Мне задали написать сочинение от себя,я не могу придумать поэтому помогите мне пожалуйста.Сочинение

Ответов: 1

Другие предметы 15.01.2020 04:56 11 Гордиенко Екатерина

Доклад на тему:»курский край как порубежный город» доклад на тему:»курский край как порубежный город

Ответов: 1

Другие предметы 22.02.2019 21:43 10 Тушинский Иван

Хочу стать мисс весна 2014г. хочу стать мисс весна 2014г. хочу стать мисс весна 2014г. мне нужно соч

Ответов: 1

Другие предметы 05.06.2018 21:41 21 Романовська Анюта

Помогите придумать Новогоднюю сказку! 2.Напишите сочинение на тему «Моя семья» 3.Напишите сочинение

Ответов: 1

Другие предметы 23.06.2020 10:46 9 Мой Зардулик

Ребят очень срочно надо составить сочинение по нем. языку на тему идеальный учитель!!!! Начинаться

Ответов: 1

Сочинени «1алам лардар-вайн сийлахь декхар»

1алам лардар – вайн сийлахь декхар.

1алам вайн лаьттан хазна ю. Цо ло вайна могушалла а, синкхача а, дахаран мел оьшу х1ума а. Цундела доккха маь1на долуш ю адаман 1аламца йолу юкъаметтиг.

Нагахь адам 1алам дезаш, цунах кхеташ, цуьнан мах бан хууш хилахь, цу адаман дахар а хир ду чулацам болуш а, доккха маь1на долуш а.

1алам дезаш волчу стага синтарш дохор дац, дитташ охьадетташ, хьаннаш а, бошмаш а х1аллакйийр яц, олхазаршна а, садолчу х1умнашна а ницкъ бийр бац. Царна оьшучохь г1о деш хи р ву: баннаш деш а, 1анхенахь ялта тосуш а. Нагахь лазийна олхазар карадахь, цунна лоьралла дар а, къинхетам болуш хилар а т1едужу бусалбачу стагана. Масала: Хасаев Хь. яздинчу дийцаран т1ехь, коьртачу шина турпалхочо г1о до т1ам лазийначу ч1ег1аган. Цу суьрто вайна гойту 1алвий, Махьмий къинхетам болуш, 1алам дезаш дика ши к1ант хилар. Вай тешадо авторо царах буьззина къонахий хирг хиларх.

Таханлерчу дийнахь адамо 1аламна беш берг боккха ницкъ бу. Ас ца юьйцу заводаш, фабрикаш, цара бехдеш долу даккхий хиш, х1аваъ. Уьш бехдар бахьана долуш, адамийн а, дийнатийн а могуишаллин хуьлуш долу зенаш.

Х1ора адаман декхар ду ша вехаш волу меттиг, урам ц1ена латтор, хьуьнах вахча а, кхечахь садо1а вахча а шена т1аьхьара охьакхиссина х1уманаш ца йитар, ша болх беш волу меттиг ц1ена латтор. Со тешна ю цу т1ера д1а а доладелла, вайн дахар дикачу аг1ор хийцалург хиларх.

Выберите книгу со скидкой:

Наши хорошие подростки

Чего хочет ваш малыш? Учимся понимать новорожденного, когда он плачет + покет

Жизнь без школы: Как организовать семейное обучение для вашего ребенка + покет

Тайны предметного мира Ребенка. О чем молчат ваши дети

Общение с детьми: 12 «нельзя», 12 «можно», 12 «надо»

Родители, ребенок и невроз: психоанализ детской роли

Подросток в доме: Когда не знаешь что сказать и как себя вести

Дети с неограниченными возможностями. Метод пробуждения мозга для улучшения жизни особых детей

Самооценка у детей и подростков: Книга для родителей + покет

Родителям: как быть ребенком

Ежедневник будущей матери. Беременность день за днем (дополненный)

Ленивая мама. Календарь настенный на 2020 год (300х300)

БОЛЕЕ 58 000 КНИГ И ШИРОКИЙ ВЫБОР КАНЦТОВАРОВ! ИНФОЛАВКА

Оставьте свой комментарий

11 июня выпускники сдают ЕГЭ по истории и физике

Время чтения: 2 минуты

Данные цифрового портфолио ученика будут раскрываться лишь с его согласия

Время чтения: 1 минута

Просмотр телевизора ухудшает когнитивные функции

Время чтения: 3 минуты

Рособрнадзор: почти половина учителей не дотягивает до базового уровня подготовки

Время чтения: 2 минуты

Минобрнауки России выделит до 600 млн рублей для проведения научных проектов мирового уровня

Время чтения: 1 минута

Раннее начало пар негативно сказывается на успеваемости студентов

Время чтения: 2 минуты

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Последние заданные вопросы в категории Другие предметы

Другие предметы 22.10.2023 02:07 9 Царёва Валерия

Ребята начертите пожалуйста 3 вид чтобы у меня было представление,от руки можете

Ответов: 1

Другие предметы 22.10.2023 02:07 4 Брылин Алексей

Какова социальная роль религии? Если можно пожалуйста с примерами

Ответов: 1

Другие предметы 22.10.2023 02:02 18 Низамов Ринат

Як у визначенні оціночної вартості об’єкта враховується ПДВ.​

Ответов: 1

Другие предметы 22.10.2023 01:58 11 Гибельгаус Катя

Які християнські риси є у вас і які ви хотіли унаслідувати від Ісуса Христа​

Ответов: 1

Другие предметы 22.10.2023 01:58 19 Гергедава Лука

Чи потрібно виконувати Заповіді, і якої заповіді дотримуватися найскладніше?

Ответов: 1

Другие предметы 22.10.2023 01:58 26 Субботин Захар

Міні твір «майбутній я»помогите дою 20​

Ответов: 1

Другие предметы 22.10.2023 01:57 28 Целиков Глеб

Виберіть, хто з підлітків правильно поводить себе, щоб уникнути обмороження.

Ответов: 1

Другие предметы 22.10.2023 01:56 13 Дворская Катерина

Python Створіть міні-гру. Користувач вводить рядок, після чого з нього вилучається довільний знак, я

Ответов: 2

Другие предметы 22.10.2023 01:55 13 Мельникова Настя

Как выполнить постер на тему безопасность в окружающей среде тема грибы

Ответов: 1

Другие предметы 22.10.2023 01:53 13 Шагас Артем

Назви 6 слів-термінів по темі «Мистецтво американського культурного регіону». Розкрий їх значення.

Ответов: 1

Сочинение по чеченскому языку «Даймохк»

Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бІаьргаш тІунлора вайн дайн,нанойн. Мел гена белахь а, Даймохк вайн хилар бахьана долуш дисира къам хІаллак ца хуьлуш, хІу ца довш. Леш верг, вала вижинарг, Даймохк цхьамма хьахийча, хьалагІоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а ца гуш, – олий. Мацалла кІелвисинарг а, гІоттий, волалора. Оцу дашо гІора а, ницкъ а лой, гІаттавора иза…

Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.

Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу.

Нохчи нанас шен дуьххьара дуьнен чу ваьллачу кІантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кІант мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгІа. Цунна бІозза хьалха гинехь а, кІант дІагойтуш хилла: «ХІокху сан кІантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», – олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтана эчиг кечдайта юха а йоьдий, левси кховсуш, зарговзан гІоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гІо деш хилла нанас, шен кІантана варзапан а, жІаьвнан а, нуьйжанан а гІар-гІовгІа а хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТІаьххьара кхин цкъа кхерчахь цІий а йойтий, шен аьрру агІорхьара накха (тІар) гучу а боккхий, иза шен куьйга Іовдий шурин кІеж тухуш хилла цо цІиеллачу шаьлтанна тІе. Шура, йогий, кІур эккхаш хилла, тІаккха ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш, яхчош хилла. Шаьлтанан эчигана тІехь ненан шурин томмагІанаш дуьсуш хилла. ойла ейша, «Ойла ейша, нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица яхчийна шаьлта карахь йолу кІант?! Муха хила еза шен кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш латтош ерг!

«Даймахкана хьалха гуора лаьттина со дукхазза. эхь а ца хеташ! сайн нанна хьалхагуора лаьттина со дукхазза. Эхь а ца хеташ! Цо сайна пурба делча бен гена новкъа ца ваьлла, дан дагалаьцна доккха гІуллакх дола а ца дина. Даймохк дага беача вилхина со, эхь а ца хеташ! Даймахках къаьстича, къастийча вилхина со къайлах, эхь а ца хеташ! Даймахка со юха цІа кхаьчча, вилхина со, эхь а ца хеташ! Амма ца вилхина мацвелча а, гІелвелча а, мел йоккха харцо сайна тІетаІийча а, мел боккха сайна иэшам хилча а, зен хилча а.»(Сулейманов А.)

6 стр., 2555 слов

Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг

… олуш хилла. Вайн генарчу дайша шаьш лелочу динан ламасташ муха кхочушдеш хилла гойту Арсанукаев Шайхис хIокху повестехь, шен дешархочунна вайн дIадаханчух … а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча. Иштта хилла нохчийн а. Цундела, лаа дац, ирча кхаъ … Сийлахьниг къастадеш, Иэхьечух нийса., Дай лара хьоьху цо,, Даймохк вайн биэза,, ГIиттадо, бакъ толош,, Харцонца къийса… Дуьххьара …

«Даймохк»! ЙоІбІаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт. Деша дезачохь «Бисмилла» вайн ненан маттахь дешалахь, хьо дуьнен чохь мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма:

План по чеченскому языку СОЧИНЕИ ГУЬЙРЕ

1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.

-Бераш вай тахана язйийр ю суьртех лаьцна сочинении «Гуьйре»

3. Сурт довзийтар (аг1о 24)

-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш? (Гуьйре)

-Стенгахь гойтуш ю гуьйре? (Гуьйре лаьмнашкахь ю)

-Муьлхачу басаршца гайтина суртдиллархочо гуьйре? (Кхоьлинчу суьрташца)

-Муха хетало дагна и сурт гича? (Синаттаме хетта)

-Муха де ду гайтинарг? (Шийла )

-Х1ун ю хьоькхуш? (Шийла мох бу хьоькхуш)

-Стенах хаьа иза? (Диттийн гаьннаш ду метах хьуьйш сана)

-Х1унда? (Малх хьожучу аг1ор баьццара ю, 1индаг1 долчу аг1ор мокха ю )

-Муха ду лаьмнийн баххьаш? (Лаьмнийн баххьаш к1айделла ду)

-Х1унда? (Лаьмнашка ло тесна)

-Стенга оьху г1арг1улеш? (Г1арг1улеш бовхачу махкашка д1аоьху)

-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)

-Х1ун ю 1аламехь курра лаьтташ? (1аламехь лаьтташ ю кагъелла б1оов)

-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)

-Х1ун хилла хир ю кху меттехьшира заманчохь? (Шира заманчохь нохчийн юрт хилла хир ю цигах.?)

-Стенах хиир шуна? (1аламехь лаьтташ ю б1ов)

-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)

-Муха ойла кхоллало суьрте хьаьжча? (Г1айг1ане )

4.Сочинени язъян кечам бар.

-Муха йолор ю сочинении? (Т1екхаьчна дашо гуьйре)

-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)

-Х1ун эр яздийр ду 1аламах лаьцна? (1аламех бу хийцамаш. Дитташ т1ера г1аш мажделла. Басешкахь йолу бецаш макхъелла. )

-Х1ун ю д1о т1ехьа гуш? (Д1о т1ехьа гуш лаьмнаш ду. Церан баххьаш к1айдина тесначу лайно)

-Х1ун эр ду г1арг1улех лаьцна? (Г1арг1улеш д1аоьху бовхачу махкашка)

— Х1ун эр дара аша гуш йолчу б1авнах лаьцна? (Цу г1айгачу суьтехь гуш ю шира б1ов. Иза йоьхна ю)

-Муха дог ойла кхоллало шун суьрте хаьвсича? (Сурте хьаьжча г1айгане хуьлу.

а) Сочиненин х1оттам таллар.

-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ)

-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? (Гуьйренан 1аламах лаьцна)

-Х1ун яздийр ду кхоалг1ачу декъе? (Ширачу б1овх лаьцна)

-Йоьалг1ачу? (Шена хетарг суьртах лаьцна)

-Муха доло деза х1ора дакъа? (Доккхачу элпаца)

5. Сада1аран миноташ.

(Бераша шаьш язйо сочинении)

-Х1ун керланиг хии шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Выберите книгу со скидкой:

ОГЭ. География. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ

Математика. Новый полный справочник школьника для подготовки к ЕГЭ

Дошкольная педагогика с основами методик воспитания и обучения. Учебник для вузов. Стандарт третьего поколения. 2-е изд.

Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.

Начинаю считать: для детей 4-5 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.

Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 2, 2-е изд., испр. и перераб.

Пишу буквы: для детей 5-6 лет. Ч. 2. 2-е изд, испр. и перераб.

Русско-английский словарик в картинках для начальной школы

ОГЭ. Литература. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ

ЕГЭ. Английский язык. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ

Рисуем по клеточкам и точкам

ЕГЭ. Информатика. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ

БОЛЕЕ 58 000 КНИГ И ШИРОКИЙ ВЫБОР КАНЦТОВАРОВ! ИНФОЛАВКА

Номер материала: ДБ-1622859

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Сочинение по чеченскому языку «Даймохк»

Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бІаьргаш тІунлора вайн дайн,нанойн. Мел гена белахь а, Даймохк вайн хилар бахьана долуш дисира къам хІаллак ца хуьлуш, хІу ца довш. Леш верг, вала вижинарг, Даймохк цхьамма хьахийча, хьалагІоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а ца гуш, – олий. Мацалла кІелвисинарг а, гІоттий, волалора. Оцу дашо гІора а, ницкъ а лой, гІаттавора иза…

Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.

Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу.

Нохчи нанас шен дуьххьара дуьнен чу ваьллачу кІантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кІант мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгІа. Цунна бІозза хьалха гинехь а, кІант дІагойтуш хилла: «ХІокху сан кІантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», – олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтана эчиг кечдайта юха а йоьдий, левси кховсуш, зарговзан гІоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гІо деш хилла нанас, шен кІантана варзапан а, жІаьвнан а, нуьйжанан а гІар-гІовгІа а хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТІаьххьара кхин цкъа кхерчахь цІий а йойтий, шен аьрру агІорхьара накха (тІар) гучу а боккхий, иза шен куьйга Іовдий шурин кІеж тухуш хилла цо цІиеллачу шаьлтанна тІе. Шура, йогий, кІур эккхаш хилла, тІаккха ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш, яхчош хилла. Шаьлтанан эчигана тІехь ненан шурин томмагІанаш дуьсуш хилла. ойла ейша, «Ойла ейша, нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица яхчийна шаьлта карахь йолу кІант?! Муха хила еза шен кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш латтош ерг!

«Даймахкана хьалха гуора лаьттина со дукхазза. эхь а ца хеташ! сайн нанна хьалхагуора лаьттина со дукхазза. Эхь а ца хеташ! Цо сайна пурба делча бен гена новкъа ца ваьлла, дан дагалаьцна доккха гІуллакх дола а ца дина. Даймохк дага беача вилхина со, эхь а ца хеташ! Даймахках къаьстича, къастийча вилхина со къайлах, эхь а ца хеташ! Даймахка со юха цІа кхаьчча, вилхина со, эхь а ца хеташ! Амма ца вилхина мацвелча а, гІелвелча а, мел йоккха харцо сайна тІетаІийча а, мел боккха сайна иэшам хилча а, зен хилча а.»(Сулейманов А.)

«Даймохк»! ЙоІбІаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт. Деша дезачохь «Бисмилла» вайн ненан маттахь дешалахь, хьо дуьнен чохь мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма:

Понравилась статья? Поделиться с друзьями:
Идеальная мама
Добавить комментарий

;-) :| :x :twisted: :smile: :shock: :sad: :roll: :razz: :oops: :o :mrgreen: :lol: :idea: :grin: :evil: :cry: :cool: :arrow: :???: :?: :!: